Чора
Шрифт:
Циггахь эло шен ах мохк дIа а белла, даха хиъна, бах, и шиъ. Доцца аьлча, сайн дика зуда хила лаьа суна а, – аьлла, шен къамел чекхдаьккхира Чорас.
– Дика хIума хууш стаг хилла хьо-м, амма дика зуда дуьнен чохь шиъ бен ца хилла алалур дац соьга. Хьо Мисалматах доллург хаа лууш велахь, сарахь хин коьрте вола, иза ас къастор ду хьуна. Со а вогIур ву сайн алаша а йалош, – элира Iалигирас.
– Бакъахьа ду, делахь, – аьлла, Чора тIе а тайна, ДIай йуьртана чувуллучохь дIасакъаьстира ши доттагI.
ДIавоьдуш
– Ассалам Iалейкум, хIай кешнийн охIла! – элира цо. – ХIара цун пIаьлдиг биъна ваьлчахьана, со а дIаван мега шуна!
Иштта кешнашца къамел а дина, цIа вахана, шен пIаьлдиг охьа а тесна, ваьлла хин коьрте вахара иза. Циггахь шен алаша а йалош веана лаьтташ Iалигира а вара.
– ХIан, – элира Iалигирас, – Мисалмат гучуйоллушехь, ас говр, дитта тIе а ваьлла, хьалаозор йу хьуна, ахь тIаьхьара лаллалахь.
Мисалмат гучу ма-йелли, дитта тIе а ваьлла, говр хьалаозийра Iалигирас, Чорас тIаьхьара лоьллура.
– Ой, аш хIун леладо? – хаьттира цецйаьллачу Мисалмата.
– Дера, воллу тхойшиъ хIара алаша дитта тIе йаккха, – элира Iалигирас.
– Говр йолу дитта тIе? – хаьттира Мисалмата.
– Дера, кхуьнан нана-м ма йелира кху тIе, – элира Iалигирас.
– Шед тохий, лалла аш, нана йаьллехь, иза а йер йу шуна, – аьлла, дIайахара Мисалмат.
– Вало, Чора, вайшиъ дIаваха веза, – аьлла, шен доттагI а эцна, дIавахара Iалигира.
ТIаккха хиира Чорина шен доттагIчо хин коьрте говр хIунда йалийна хилла.
Дикка хан йаьлча, Iуьйранна, сагатлуш, араваьлла йуьртарчу берийн кортош а даьшна, мIараш а хедийна, чу а веана, охьахиъначу Чорина шен нана чIогIа цомгуш карийра. Чоь меттахйаьлла шен бохуш, Iуьллуш йара иза. Нене хьал-де а хаьттина, мацвеллачу Чорас, пеша тIехула кхозу йоьхь шега даттийтахьара ахь аьлла, дийхира нене. Амма нанас, йоьхь хьешана дитина ду шен, бохуш, ца даттийтира.
Чорина хаьара, нагахь хьаша вагIахь, кхин хьалха дилла рицкъа шайн доций, делахь а, чIогIа мацвеллачу Чорина и йоьхь шена даа лаьара.
Цу ойланца летта йогучу товханна хьалха, гIийла корта а оллийна, охьахиира иза. Лазаро хьийзош йолу нана, гуттар чIогIа «ай-вай» бохуш, мохь хьекха йолайелира. Нанна хаале аьлла, катоьхна схьаэцна йоьхь цIерга а тесна, и марца а мерцина, кхаьллинчу Чорин, вагийна, «Вай!» – аьлла мохь белира.
– Хьуна хIун хилла? – хаьттира нанас.
– Дера, ца хаьа суна-м, ша чо меттах ца йаьллехь, сайна кхин хIун хилла, – элира Чорас.
Цо лелочух шекйаьлла, нана хьалагIатта дагахь тохайелира. И хиъна Чора, йоьхь а эцна, араиккхира.
Шовданан коьрте а вахана, тIе шийла хи а молуш, йоьхь дуур-кх ша аьлла, хьала волавеллачу Чорин бIаьрг кхийтира хи тIе йогIучу хазачу йоIах. ХIинццалц бегаш беш хиллачу Чорина, цуьнга вистхилар-м мича дагадогIура, и шена гуш хилар а доккха ирс лоруш, ша, тIе а вахана, вистхилча, иза, бехк а лаьцна, дIайахарна кхоьруш, цкъа а ца хилла безаман ойла даг тIе йеана, цу йоIе хьоьжуш лаьттара иза. Хи а эцна, и дIайолайелча, цкъа цунна тIаьхьаволавелира иза, йуха а, цхьамма лаьцча санна, тап-аьлла сацавелира.
ЙоI къайлайаллалц цунна тIаьхьа хьоьжуш а лаьттина: «ХIинца сан хилла ойла хуьлда хьох бIаьрг мел кхеттачуьнан а! Дала бакъ безам а, ирсе дахар а лолда хьуна! Ма ирс долуш вацара со, хьо хIусаме хьовззал!» – элира цо ша-шега.
Чубуза лестинчу малхо шен зIаьнарш и йаханчу агIор хьажийра, тIулгаш тIехь декачу ламанан шовдано шен эшарш цунна лоькхура, хьоькху мох а цуьнан лорах хьоькхуш бара, бай кхолуш девллачу зезагаша шайн кортош а и йаханчу агIорхьа теIадора.
И иштта ца хиллехь а, бакъболчу безамо вахийначу Чорина и дерриге а иштта хетара. Жимма ойла йеш а лаьттина, шен доттагI волчу вахара Чора. Iалигира, гуттар санна, шен алаша Iалашйеш воллура.
– Ассалам Iалейкум, хIай къечу нехан баьчча! – аьлла, тIехIоьттира иза Iалигирина, хьалха санна, гучу ца вала бегаш а беш.
– Ва Iалейкум салам, барт боцчу сагIадоьхургийн тхьамда! Хьо ма хьалхе веана? – аьлла, шен доттагIчун бIаьра хьаьжначу Iалигирина дукха хийцамаш гира Чорин йуьхьа тIехь.
– Iалигира, валохьа чу, тхайн ненах дадийна деттина йоьхь деанера ас. И сайгга даа а ца делла, хьо волчу веана со.
– Вало, делахь, доттагIчуьнца хIума-м вай дезачуша йуулда. Сан сийсара йууш йисина сискалан йуьхк а, морзин берам а бу, – элира Iалигирас, Чорас шена тIедеанарг кхин гIуллакх дуй шера-цIена шена гушшехь.
Чувеанчу шина доттагIчо, йекъачу паднара тIе охьа а хиъна, хIума йаа йолийра. Амма бIаьргашна хьалхара шовданан коьртехь гиначу йоьIан сурт лаьттачу Чорига хIума ца йаалора. Цо сел дезаш кхаьллина йоьхь а, легашка хIоьттина, сецира. Вахана тIе хи а мелла, кхин хIума а ца йууш, сецира иза. И шега цхьа хIума схьадийца сиха вуй хиъначу Iалигирас а дIатеттира шена хьалхара шун.
– ХIан, Чора, – элира Iалигирас, – хьо гучуваьлчахьана ву со хьан дагахь цхьа хIума дуй хууш. Дийцахьа хьайн дагара, вайшиннан ницкъ кхочург, дан таро йерг кIелдуьсур дац хьуна, ткъа доцург паччахьна а эшна.
– Нене дийца сацийра ас сайн дагара. Хьоладайн асарша са кхачийна, къеллой, баланой дог дуткъдина йолчу цуьнан кийра сайн бала а боссийна, ненах валарна кхеравелла, ца дийцира. Вешега дийца сацийра ас. Амма шен гIийлачу доьзална напха лаха гIерташ воллучу со цхьаъ бен воцчу сан вашас, со кхоорхьама, суна диканиг хьоьху ша аьлла, суо харцахьарчу новкъа ваккхарна кхоьруш, цуьнга дийцар а ца магий ас. Жимчохь дуьйна цхьаьна кхиъна, вевзаш-везаш цхьа доттагI вара сан. Цуьнга сайн бала ца бийцича ца волу, – аьлла, Чорас дIабийцира Iалигире шен кийрара, ша цIеххьана лаьцна, ловш болу безаман беза бала.