Чора
Шрифт:
Дешахьалхенан метта
Дукха хьалха дуьйна схьадогIуш ду литературехь цхьа хIума: муьлхха а стаг, ша кхоллараллин новкъа волуш, поэзи тIера дIаволавеллехь, иза мацца а цкъа прозина тIеволу. Амма прози тIера цо кхоллараллин йуьхь дIайолийнехь, наггахь верг а байташ йазйан ца волало. ТIаьххьарниг чолхе, дуккха лехамаш болуш литературин тайпа ду.
Цундела хир ду-кха вай иштта алар а: поэзи – адаман бераллин гIенаш ду, ткъа проза – иза кхиаран бакъдолу тоьшалла ду.
Литературе некъ Окуев Шимин поэзи тIера
Царах вуно чIогIа къаьсташ йу Окуев Шимин «Чора» киншка. Цу тIехь автора схьагулдина халкъан забаре дийцарш. Иза цхьана стагана бан Iаламат боккха а, иштта шен мах хадийна цаваллал мехала а, доккхачу маьIне а болх бу. Цуьнан шен дешнашца аьлча, оцу дийцаршца цо билггала нахала дехи-кх вай.
Вайн дешархошна Окуев Шимин «Чора» киншка дуьххьара йевзина 1969-чу шарахь. ХIетахь дуьйна дукха хан а йаьлла, республикехь баккхий хийцамаш а хилла. Шиъ тIом а лайна нохчаша. Дукха зиэнаш а хилла бахархошна. Цундела Нохчийн республикин йаздархойн Союзан правленин сацам хилла «Чора» киншка дешархошна карлайаккха.
ХIара тIекхиъначу чкъуро а йезаш тIеоьцург хиларх шеко йац тхан.
Шайхиев Iалвади, йаздархо
I. ЧОРА ОЬРСИЙН МАХКА ВАХАР
Малх чубуза гергахьа лестинера. Наггахь бен гуш марха йоцуш, йекхна йара стигал. Аьхкенан мелачу махо, цIеххьана муьрг тухий, ластадора некъан шина а агIора бай тIера зезагаш. ХIуьрах а вуьзна, тIема кIел боллуш цун пIаьлдиг а болуш, схьавогIу ламанхо, цIеххьана соций, хьожура цаьрга. Йуха, сиха шен дехачу мекхех куьг а хьокхий, схьабоккхий шен месала Iаьржа куй бега а бой, махо тишачу чоин тIемаш дIаса туьйсуш, чехкачу боларца дIаволалора. Ша вина мохк а, цуьнан Iаламан хазалла а чIогIа йезара цунна. Молла-Несарт санна, забаре стаг ву олуш, лам чохь гIараваьллера Чора. Некъ бах а белла, мохь тоьхнна илли долийра цо:
Со бабун, садовш ду,
Сан некъ мел беха бу.
Саламун Iалайка,
Хьо соьга хьоьжуш йу,
Ва ансара илайкум,
Хьо йолчу со кхаьччахь,
Барт хир буй вайшиннан,
Лайлахь! Iилалу!
Iилалу – аьнгашка,
Ва лен ун – легашка.
Лен сахьт хьовзийла
КIиллочун ва кийра,
Iилалу, Iилалу –
Лайлахь Iилалу!
Стиглара седарчий
Ас дагардийр ду,
Лаьттара Iилманаш
Ас Iамадийр ду,
Дуьненан йеа маьIIе
Со кхочур ма ву.
Iилалу, йалалу –
Лайлахь Iилалу,
Сайн дагна йеза йоI
Ас лохур ма йу.
Шен илли а бохуш, дIаоьхуш волу ламанхо вол-волуш хелхаре велира. ТIаьххьара а шен пIаьлдиг некъа йуккъе ира а боьгIна, ша-шена тIараш а тоьхна, бухь бугIуш, пIаьлдиган гонаха чан а гIаттош, хелхахьаьвзира. ПIаьлдигах йоI тарйой: «Ой, йолало, хьо ма лаьтта хIоьттинчохь!» – олий, мохь тухура. Амма цо сел лерина деш долу хелхар: «Ойтт, де ма эша хьо кIентан!» – аьлла, цIеххьана цхьамма, мохь тоьхна, сацийра.
– Вай хьо вела лечу буса! Хьажахьа, кхерийна са дIаийци-кх ахь сан! Хьо мичара вели кхуза? – хаьттира хелхар деш волчо.
– Со-м, Чора, хьо цIаван хьевелла аьлла, хьуна тIаьхьавогIуш ма вара, хьо кхузахь хьайн керла далийначу «нускалца» эвхьазволуш вуй ца хууш, йуьхьIаьржа хIоьтти-кх. Баккъала а, бехк ма биллалахь суна! – дийхира вукхо.
– ХIан-хIа, Iалигира, и дита йиш йац сан, «нускал» къинтIера даккха деза ахь, – элира Чорас. – ЧIогIа кхерий ахь иза.
– Делахь, ахь бохург ца дича вер вац со-м, – аьлла, тIеваханчу Iалигирас, гора а хIоьттина, гечдар дийхира пIаьлдиге. Цу хенахь жимма мох а баьлла, охьабожжа боллу пIаьлдиг лестира
– ХIара «нускал» хIинца а мотт бастаза ду соьга, цундела, гечдо ша бохуш, корта а теIабо хIокхо, – элира Iалигирас.
Даима а санна, и хьовзо дагадеанчу Чорас лаахь а – ца лаахь а, «нускале» мотт бастийта беза ахь аьлла, хьовзийра Iалигира. Кхин цо ша ца витича, цхьа курс зезагаш а даьхна, цу йуккъе йоьзан шай а диллина, охьа а таьIна, пIаьлдиге дIакховдийра Iалигирас. Амма «нускал» мотт баста туьгуш дацара.
– И бат чIогIа йихкина ахь цуьнан. Бат а йихкина, мотт бастийта бохург-м нийса а ма дац хьан!
– Уой, хьо марваша ву бохуш, оззаделла дай иза-м. Дикка хьажал хьо, – элира, цо лелочух гIадъоьхуш воьлуш лаьттачу Чорас.
Кхин цкъа а гора а хIоьттина, дехар дан дагахь Iалигира охьатаьIча, махо ластийна пIаьлдиг охьа а боьжна, даьллачу Iуьргах, «парх-парх» аьлла, цу схьатуьйхира.
– Дала сий дойла хьан, Дела реза хуьлда хьуна! – хьалагIеттира Iалигира.
Бай тIехь керчаш, шен чо а лаьцна, воьлуш Iуьллура Чора а.
– ХIан, вало хIинца, ахь и бат дIайихкина ца хиллехьара, пIаьлдиг ца бохош, баста а мегарий цо-м, – элира Iалигирас.