Дарц
Шрифт:
– Iабди хIун деш ву?
– Шун дех йисина туька жима а хетта, кхин йоккха туька йина цо. ХIокху aгIop цхьаьннан а йац иштта йоккха туька. Оьрсийн махкара тайп-тайпана товар а дохьу цо шен туькана. Iедало дика лоруш а, хьаькамашца гIуллакх догIуш а ву. Йуьрта баьхкина хьаькамаш цуьнан хIусамехь совцу.
– Асхьабаца тIаме бахнарш цIа баьхкиний? Уьш дийна буй? Товсолтин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а?
– Сатун Солта кхузахь тIом болуш цIа ма веанера. Туркошца тIамехь пхьарс а баьккхина. Иза а велла. Важа шиъ волуш ву. СаьIад – йуьртда, Хьуьси йуьртан къеда ву.
– Iелин а, Аьрзун а кIентий болуш буй?
– Iелин воккхахволу кIант Iумар вац. Нах леца йуьрта тражникаш баьхкича, вада гIоьртича, вийра иза. Iусман ву. Аьрзун Мохьмад дукха хан йоццуш япон тIаме вахана. Иза а, Аьрсамирзин Эламирза а, Солтхин Солта а. Аьрру пхьарс а баьккхина, цигара цIa веана Солта.
1877-чу шарахь оьрсийн-туркойн тIом болабелча, оцу тIамехь туркошна дуьхьал тIом
– Оцу тIаме баханчарна Iедало ахча делла бохуш, дуьйцура наха, – элира Дешис.
Овхьада ойла йира. Цунна дагаеара дIадаханчу шарахь ша йешна Энгельсан «Германин арахьара политика» цIе йолу статья. Цу тIехь Энгельса нажжаз бора хIокху тIаьхьарчу кхузткъе итт шарахь кхечу пачхьалкхийн паччахьийн йолахой а, чаьлтачаш а хилла, шайн маршонехьа къуьйсучу европейски халкъийн цIий Iенош лела немцой. Цара деш дерг дерриг а немцойн къомана доккха эхь лорура Энгельса. Ткъа хIинца нохчий а бевлла Энгельса нажжазбинчу новкъа. Дуьххьара оьрсийн-туркойн тIаме бахара. Бусалба туркошна дуьхьал тIаме. Оьрсийн паччахьо, оьрсийн эскарша нуьцкъах махкахбаьхна шовзткъе итт эзар нохчий – зударий а, бераш а, къенанаш а – тIелаьцна, царна туш деллачу бусалба туркошна дуьхьал. Шайн чалтачана, оьрсийн паччахьана бохкабелла, цуьнан йолахой а хилла. Шайн дай, наной, йижарий, вежарий байъинчу оьрсийн салташна улло а хIиттина.
Асхьаб цига воьдуш, Овхьад дуьхьал вара. Амма Овхьаде ла ца дуьйгIира ХортIас а, Асхьада а. Хьолахойн кIентий цига боьлхуш хилча, вайн доьзалера а цхьаъ ваха веза, бохура. Асхьад вохуьйтийла дац, керт-ков, бахам, туька а цуьнан йаьIни тIехь йу, цуьнан зуда а, бер а ду, бохура. Овхьад жима ву, доьшуш ву, дешар чекхдаккха дезаш ву, бохура. Асхьаб зуда йалоза вара. Иза дIахьажийра туркойн тIаме. ХортIин а, Асхьадан а сутаралло, къизалло хIаллаквина Асхьаб. Хийрачу махкахь Iожалла хилла, хийрачу махкахь лаьттах воьллина. Хьенан дуьхьа, стенан дуьхьа? Шен халкъан мостагIчун оьрсийн паччахьан дуьхьа, Россин хастаман дуьхьа.
ХIинца оьрсийн-японцийн тIаме а бахана нохчий. Шиний агIонгахьара харцонан тIом ма бу иза а. Россис а, Японис а къуьйсург йа оьрсийн а, йа японцийн а латта ма дац. Цигахь бехарш йа оьрсий а, йа японцаш а ма бац. Самг къуьйсуш лета меца, сутара ши жIаьла ма ду и шиъ. Ткъа оцу девнехь оьрсийн жIаьлехьа гIодаккха, лата, бала бахана нохчий. Къелло бигна-кх. Амма къелла а, мацалла а шаьш леш хилча а, баха ма ца безара уьш цига. Нохчийн гIуллакх ма дац оьрсийн, туркойн, японцийн, кхечеран а девнна йукъагIерта, шайн а, кхечеран а цIий Iено. Нохчийн къам декъаза, жима къам ма ду. Тоьур ма ду цуьнан хIаллакьхилар. Цо лайна халонаш, баланаш, бохамаш. Иза ша лардала ма деза керлачу баланех, бохамех. Иза ша ца ларлахь, цунна тIе бохам беача, цунна орцахдала, цунна гIo дан, цунах къахета, дог лаза дуьненахь цхьа а къам ма дац. Хилла а дац, хир а дац.
Ойланаш йора Дешис а. ДIадаханчу ткъе ворхI шарахь а, тахана а шен синтем байъина ойланаш. Уьш Овхьаде йалхийра цо.
– Делхьа хаац суна-м, Овхьад. Наха дийцарехь, шен маршонехьа, нийсонехьа къуьйсу бохуш, масех бIе шарахь тIом бина вайн къомо. Сан дас а, ден дас а, цуьнан дайша а. ТIаьххьара а Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, ша къанвелла кIелвисча, герз кара ца оьцуш Iийра сан да. Со-м зуда йу, соьгахь-м хьекъал а дац, хIетте а даим а дIа леташ, тIом беш, хIаллакьхуьлуш хила деза вай? Мичахь йу цаьргахьа къуьйсуш, нохчийн къоман масех тIаьхье хIаллакьхилла и маршо а, нийсо а? Йац иза. Хьалха дIа бIаьрг тоьхча, гуш а йац. ХIун хилла оцу маршонехьа, нийсонехьа къийсинчу вайн йуьртахойх? Вайна бевзинарш а тIаьхье йоцуш байна. Аьрзу Хонкарахь вийна, цуьнан кIант японан тIаме вахана, цигара дийна цIа воьрзур вуй а, хаац. Iела Сибрехь вайна, цхьа кIант вийна. МIаьчиг а, цуьнан кIант а тIамехь вийна, тIаьхье
***
Нохчийн округан начальникан полковникан Белликан омрийн журнала тIера
1857 шo. 29 август. № 18.
Аш йарташка балийна молланаш го суна. Царах цхьаболчарна йоза-дешар ца хаьа, шайн декхарш а ца хаьа, тIехула тIе данне а хьекъал а дац церан. ХIетте а йуьртдайн гIуллакхашна йукъа а гIерта уьш.
1857 шо. 13 сентябрь. № 21.
Зуламхо, къу Iедале дIавийцар а, суьдехь цунна тоьшалла дар а эхь лору нохчаша, ткъа къола, талор, кхидолу зуламаш дар эхь ца лору. Цундела нохчашна йукъахь ун хилла даьржина къоланаш, талораш, кхидолу акха гIиллакхаш а, гIуллакхаш а. Мелла а низамечу цхьана пачхьалкхехь и тайпа акха гIиллакхаш лелаш цахилар дIахоуьйту ас халкъе. Оцу пачхьалкхашкахь, кхетамечу къаьмнашлахь муьлхха а зуламхо Iораваьккхина, Iедале дIавийцина, суьдехь цунна тоьшалла дина стаг халкъо лоруш а, сий деш а ву. И шайн акха гIиллакхаш а дитина, дуьненарчу массо а пачхьалкхаша, массо а къаьмнаша тIелаьцна кхочушдо законаш а, гIиллакхаш а аш лерахьара, кхочушдахьара, шуна йукъахь къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а хир дацара.
1858 шо. 25 февраль. № 13.
Халкъе дIахаийта зуламийн зама дIайалар, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дечарна таIзар а деш, хьанала къахьоьгуш, Далла хастам а беш даха дезар.
Нохчий! Шуьгахь хьекъал а ду, шун могашалла а йу, шун дика латта а ду, аш болх бахьара, хьанала къахьегахьара, шу хьоле, шун дахар ирсе хир дара.
Наибаш, йуьртдай, къаной! Сан дехар ду шуьга. Шу халкъо лоруш нах ду. Паччахьан лаам халкъе дIакхачо а, халкъ цунах кхето а декхар ду шун. Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а дитина, вовшашца девнаш а дитина, нохчийн халкъ хьанала къа а хьоьгуш, бертахь, машаре даха лаьа паччахьана.
…Оьрсашца машар цахиларе кхойкхучу молланийн хьехамаша доккха зулам до нохчийн халкъана.
1859 шо. 14 январь. № 6.
ГIуларой! Шуна йукъахь ши стаг ву шуьга Iедална, хьаькамашна муьтIахь цахиларе кхойкхуш; чIогIа а, дукха а маьхьарий хьекхарна, аш хьекъале а, Iелам а лоруш. Аш цаьрга лерина ладоьгIча, и шиъ мел воккха ши Iовдал а, зуламхо а ву, хуур дара шуна.
1860 шо. 7 январь. № 1.
Къушна гIожмаш тухуш, ас таIзар дайтарна нохчий реза бац бохуш, хезна суна. Цхьа а таIзар а ца деш, маьрша буьтийла ма дац уьш. Цундела наибашка омра до ас: йарташкахь халкъ гулдай, хатта, къушна гIожмаш а тухуш, таIзар дан лаьа шуна йа уьш Сибрех бахийта лаьа шуна? Халкъана луург суна тIекхачаде.
IV корта. БУЬЙСАНАН ХЬАША
Буьйса. Некъо валий со кху эвла.
Диллинчу корах схьайогу серло.
Кхуьнга сатуьйсуш геннара веана
Со лаьтта, ладоьгIна гIовгIане…
М. Мамакаев
1
Эзар исс бIе пхоьалгIачу шеран чиллин шийлачу буса Гати-Юьрта вуьйлира цхьа некъахо.