Чтение онлайн

на главную

Жанры

Шрифт:

ХIун хилла-те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла-те шу, йа, хIетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела-те шу цигахь?

Амма дуккха а халонаш эшош, новкъахь лечкъаш, цIа вирзинчу Iелин а ца хилира шен доьзалца маьрша, машаре ваха аьтто. Иза цIа веана шо а кхачале, керлачу гIаттамна кечам болийра Нохчмахкахь. Къонахчун декхаро, вешин весето бакъо ца лора цунна къийсамна йуьстах латта. ГIаттам кечбечу тхьамданех уггар жигарчарех цхьаъ вара Iела. Амма царна йукъа тарвеллачу цхьана йамартхочо уьш, къайлах Iедале дIа а белла, лецийтира. Итт шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра Iела.

И цхьаъ вацара

цига хьажийнарг. Уьш масех бIе вара. Кхин а цкъа хадийра Нохчийчоь шен уггаре тешамечу, майрачу кIентех. Мацаллин гIело хьоьгуш, Iазапехь дуьсучу шен халкъан а, кертахь цкъа хьакхо йалтин чим а боцуш, шина кIантаца йуьсучу Айзин а ойла йеш, болатан шийлачу буржалша когаш, куьйгаш къуьйлуш, генарчу Сибрех вахара Iела.

Ткъе кхаа шарахь шен ненан маттахь адам дистхуьлу ца хезира цунна. ХIинца къанвелла, къежвелла, дегIера ницкъ а эшна кхечи иза ша дукха сатийсинчу винчу йуьрта. Каторгин халонаш ца лайна, мацалло а, цамгарша а эгийна, веллера цуьнца цигахь хилла масех нохчо. Уьш лаьтте дIа а берзийна, ша цхьа висча, Деле хийлазза шена Iожалла йийхира Iелас. Амма Дала Iожалла ца лора цунна. Ца велла йалхитта шарахь тIеман цIергахь а, Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шарахь Сибрен жоьжахатехь а.

Ненан кийрара ваьллачу минотехь дуьйна, хIокху кхузткъе кхойтта шарахь цхьа а ирсе де ца хилла цуьнан. ХIинца дуьненахь цо йаккха йисинчу кIеззигчу ханна ирсе ван валийна-те иза Дала хIокху винчу йуьрта, йа и хьалха цо лайна халонаш а, баланаш а бицбеш, кхин а баккхий баланаш лан валийна-те?

Ойланаша дIалаьцца Iела кхузахь хиъна Iаш дикка хан йаьллера. ХIинцца хааделира цунна ша шелвалар. ДегIан лахе, шелъелла, лехнера. Можана тIехула охьа некха тIе Iенначу бIаьрхих а ша бинера. «Кхузахь кхин а жимма висахь, со-м гIорор ма ву, – дагадеара цунна. – Амма со мича ваха веза?»

Гонаха бIаьргтоьхча, цунна гира бешан цхьана мaьIIехь гIийла йогу чиркхан серло. Мила ву-те оцу хIусамехь вехарг? Милла велахь а, цунна вевзарг хир вац иза. Цуьнан хенара нах кIезиг хир бу дийна. Дийна висинарг а Iелина вевзий а, ца хаьа. Амма миччахьа а, цхьанхьа вахана, йовхачу хIусамехь буьйса йаккха йезара. Ткъа уггар хьалха цунна хаа луург Айзех а, шина кIантах а хилларг ду. И кхо адам, вина йурт, даймохк – валале цкъа цаьрга бIаьрг тоха сатийсаро цIа валийнера къена Iела. КхидIа хIуъа хилахь а, хIинца иза даймахкахь, винчу йуьртахь ву…

4

Дахаран халонаша а, Iедалан харцонаша а, адамийн йамартлонаша а ларвала Iамийнера Iела. Цкъа хьалха йуьртара хьал муха ду, адамийн гIиллакхаш а, амалш а муха йу, дIадаханчу ткъе берхIитта шарахь кхузахь хIун хийцамаш хилла ца хиъча, ша вовзийта а ца лаьара цунна. ХIара бакъонца Сибрехара цIа веънехь а, кхузарчу Iедална хIун эхь ду, цхьа бахьана тIе а кхоьллина, цига йуха дIахьажо а. «Цкъа хьалха, сайн доьзал дийна бу-бац, хьожур ву со. Нагахь уьш дийна белахь, тIаккха со вовзуьйтур ву ас, бацахь… Дала дайттинарг дийр ду-кх. Цул даккхий вонаш а лайна ас, иза а ловр ду…», – сацам бира цо.

Тхьузйоьлла настарш меттайало гIерташ, меллаша цхьацца-шишша ког боккхуш, сецаш, серло гучу керта воьдуш, цо ойла йора, оцу хIусаман дайшка ша хIyн ала-те бохуш. Цунна дагавеара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа шен гергарло тасаделла Оьрза-ГIалара Андри цIе йолу цхьа гIалагIазкхи. Керла бахам вовшахтухуш шений, Айзиний цхьацца оьшург эца ахча а, йа ахчанна дохка йалта а, бежана а ца хилла, шен а, Чорин а сту а боьжна, дечиган кIорий, хьаннашкара лахьийна акха стоьмашший бохка дагахь ворданахь

Оьрза-ГIала вахча вевзинера цунна и гIалгIазкхи. Андрин ков-керт, эчиган пхьалгIа а йара, оцу пхьалгIахь шортта кIора а бара. Муха ца хуьлура, церан йуьртана гена йоццуш йоккха хьун хилча. Амма Iела мича дезаро араваьккхина кхуза веана хиъначу Андрис, цуьнан ворданара кIора пхьалгIи чу охьа а боьхкина, цунна дуьхьал масех бел а, цел а, марс-мангал а, бахамехь оьшу кхин цхьацца хIуманаш а йелла, цIа хьажийра Iела а, Айза а. ХIетахь тасаделла хьошалла лаьттира царна йуккъехь Iела Сибрех вахийтталц. Андрис, Гати-Юьрта а вогIий, кхузарчу нахана мехах цхьацца эчиган гIирсаш бора. Иштта веана Iела волчохь ши бутт сов хан йаьккхира цо, xIapa Хонкарара цIa веача а.

«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла, сайга хаьттинчуьнга, Андри ву, эр ду ас», – шена маслаIат дира цо.

Кертара схьа жIаьла хьадарна кхоьруш, кетIара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма мeттаxъхьовш хезаш хIума дацара. ХIетте а кертахь цхьанхьа жIаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш, гонаха а хьоьжуш, тхов тIе латта тесначу кегийчу цIенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира Iелас. ЦIа чохь цхьаъ меттахъхьайра. ТIаккха неIаре догIуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан йалале, неI йиллина, тIекхоьллина чоа а, кога туьйдина неIармачаш а йолуш, уча велира хIусамда.

– Буьйса дика хуьлда хьан, хIусамда! – маршалла хаьттира Iелас оьрсийн маттахь.

ХIусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.

– Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гIатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна cо a хIокху йуьрта. Арахь буьйса йаккха а шийла йу. Ахь пурба лахь, тховса хьан xIycaмexь буьйса йоккхур йара ас, – бехкала вахара Iела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гIерташ.

– Хьаша хIусаме витар а, буьйса йаккхийтар а xIycaмдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хIусамехь санна, пapгIатвала, – аьлла, неI йиллина, куьг хьалха тесира хIусамдас.

Цо куьг хьалха дIатосуш, беллабеллачу чоин тIома йуккъехула Iелин бIаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.

Iела цIа чу велира. TIеxь шиша а доцуш, чуоьзна гIийла богучу чиркхо халла серло лучу хIокху цIа чохь поппаран маьнги тIехь набкхетта Iуьллура диъ бер. ХIетта гIеттина хIусамнана, набаро дохийнчу шен дегIан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гIатторца наб дIа а къахкийна, новкъара хIуманаш дIасалиста йолайелира.

Дукха хан йара Iелина xIycaмexь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина Iохкучу оцу берашна тIе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. ХIокху йовхачу хIусамо а, нохчийн кхерчан цхьа шатайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта Iохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо йехна Iожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.

– Же, ма Iелахь, зуда! – зудчунна тIевирзира xIycaмда. – Вайн хIусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха йуучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тIepa кетар а, когара мачаш а дIа а йахий, паргIатвала, – аьлла, тIетуьйхира цо, Iелигахьа а вирзина.

Баттахь сов генара бинчу некъо дегI, тIехулара а, чухулара а йерриг бедарш бехйина Iела воьхна хьаьвзира, кетар а, валенкаш а дIайаха дезча. Амма иза уьш дIайаха волаваларе а ца хьоьжуш, тIевеанчу хIусамдас цуьнан когара валенкаш, озийна, схьайехира. Шен гира тIоьрмиг схьа а баьстина, тIера кетар дIа а йаьккхина, уьш шена улло цIенкъа охьайехкира Iелас.

Поделиться:
Популярные книги

Боги, пиво и дурак. Том 3

Горина Юлия Николаевна
3. Боги, пиво и дурак
Фантастика:
фэнтези
попаданцы
5.00
рейтинг книги
Боги, пиво и дурак. Том 3

Мымра!

Фад Диана
1. Мымрики
Любовные романы:
современные любовные романы
5.00
рейтинг книги
Мымра!

Белые погоны

Лисина Александра
3. Гибрид
Фантастика:
фэнтези
попаданцы
технофэнтези
аниме
5.00
рейтинг книги
Белые погоны

Любовь Носорога

Зайцева Мария
Любовные романы:
современные любовные романы
9.11
рейтинг книги
Любовь Носорога

Я все еще граф. Книга IX

Дрейк Сириус
9. Дорогой барон!
Фантастика:
боевая фантастика
попаданцы
аниме
5.00
рейтинг книги
Я все еще граф. Книга IX

Делегат

Астахов Евгений Евгеньевич
6. Сопряжение
Фантастика:
боевая фантастика
постапокалипсис
рпг
5.00
рейтинг книги
Делегат

Неудержимый. Книга XVI

Боярский Андрей
16. Неудержимый
Фантастика:
фэнтези
попаданцы
аниме
5.00
рейтинг книги
Неудержимый. Книга XVI

Чужая дочь

Зика Натаэль
Любовные романы:
любовно-фантастические романы
5.00
рейтинг книги
Чужая дочь

Ночь со зверем

Владимирова Анна
3. Оборотни-медведи
Любовные романы:
любовно-фантастические романы
5.25
рейтинг книги
Ночь со зверем

Месть бывшему. Замуж за босса

Россиус Анна
3. Власть. Страсть. Любовь
Любовные романы:
современные любовные романы
5.00
рейтинг книги
Месть бывшему. Замуж за босса

Совок – 3

Агарев Вадим
3. Совок
Фантастика:
фэнтези
детективная фантастика
попаданцы
7.92
рейтинг книги
Совок – 3

Титан империи 7

Артемов Александр Александрович
7. Титан Империи
Фантастика:
боевая фантастика
попаданцы
аниме
5.00
рейтинг книги
Титан империи 7

Измена. Он все еще любит!

Скай Рин
Любовные романы:
современные любовные романы
6.00
рейтинг книги
Измена. Он все еще любит!

Вечный Данж. Трилогия

Матисов Павел
Фантастика:
фэнтези
юмористическая фантастика
6.77
рейтинг книги
Вечный Данж. Трилогия