Йеха буьйсанаш
Шрифт:
Ткъа кхалхоран гIуллакх системе цхьа-ши шо хьалхий бен ца дирзира. Михаил Тариэловична дагайеара Тифлисехь цу гIуллакхан хьокъехь тIаьххьара хилла кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара воккха эла Михаил Николаевич, эла Барятинский, эла Орбелиани, граф Евдокимов а. Дийцаре дина, тIаьххьара сацам тIеэца безаш дерг цхьа гIуллакх дара: малхбузера ламанхой, ломара охьа а биссийна, йокъанечуй, уьшалечуй аренашка йа Турце кхалхор.
– Ламанхой цигара дIабахарца дозаделла ду Iаьржачу xIopдан малхбален бердашца вай тIаьххьара а, гуттаренна а чIагIдаларан гIуллакх. Вай хьалхахIоттийначу шина некъах цара Турце боьдург къастор бу аьлла, хета суна, – шен лаам
– Стенна оьшу царна хьалха хержа некъаш хIиттор? – цецвелира фельдмаршал Барятинский. – Уьш йокъаней, уьшалей делахь а, аренгара латта оьшур ду вайна. Колонисташна мегар ду уьш. Цхьа бIе шо хьалха дIахьовсуш хила деза, императоран хьан локхалла. Беккъа цхьа некъ бита царна – Турце боьдург.
– Цуьнан сийлаллин лаам къобалбо ас, – тIетайра граф Евдокимов. – Ламанхой Турце кхалхор историн маьIне гIуллакх ду вайн пачхьалкхна. Цкъа-делахь, вайна зиэнаш доцуш, тIом сиха а, гуттаренна а чекхбаккхар нисло, шолгIа-делахь, мукъадевллачу ломан когашкарчу латтанаш тIехь паргIат колонизаци йойла хуьлу.
– Туркойн правительство реза хир йуй-те уьш империна чуэца? – шеквелира Михаил Николаевич.
– Суна хетарехь, цара хаза а хеташ тIеоьцур бу шайн басурманаш.
Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра. И ламанхой ловзарга хьовсош санна. Цигахь сацамбира, уьш Оттоманан империна чуэцаран хьокъехь дийцарш дан а, барт бан a xIapa, Лорис-Меликов, Стамбуле хьажо.
1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн гIоьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо бIе эзар Крымера гIезалой, ногIий а тIеэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.
Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши бIе эзар гIезало дIакхелхира цига. Царна тIаьхьа ногIий а гIоьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Меттигерчу администрацис шайна йукъа даржочу эладитанех, хазачу хабарех a Iехабелла, махках бовла ца лаьара царна. Уьш нуьцкъаха дIабаха безара цигара. TIe, шайн махка баьхкина ламанхой Россин дозанца охьаховшо ойла а йара туркойн. Англичанаш бара церан лерехь йиллина дIа и зурма лоькхуш. Амма кавказски Iедал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов.
– Уьш вайн дозанца охьаховшош хилча, эрна ма ду ламанхой кхалхор, – карзахвелира иза. – Къилбаседа Кавказера дIа а баьхна Закавказье когашка ховшабо-кх вай уьш. Цхьанхьара дIа а баьхна, и вешан мостагIий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара цIе йойъу, кхечахьа йуьллу. ХIан-хIа, ма-хуьллу генабаха беза!
1862-чу шеран 10-чу майхь цуьнан императоран локхалло Михаил Николаевича тIаьххьара а чIагIбира ламанхой кхалхоран гIуллакхах болу Кавказски комитетан сацам.
ТIакхха дIайолайелира ламанхойн исторехь уггар йаккхийчаралахь а йоккха трагеди.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дуьхьало тIаьххьара а кагйича, шайн къийсам эрна хиларх кхеттачу Кубанал дехьарчу ламанхоша а тIом сацийра. Амма паччахьан правительствона кIезиг хетара церан муьтIахьалла. Ламанхошна хьалха ши некъ хIоттийра: йа, Кубане а кхелхина, колониальни Iедална кIел совцар, йа – лаххьабелла Турце дIакхалхар. Шайн токхе мохк а битина, Кубанан йокъанечу йа уьшалечу латтанаш тIе кхалхар а, Iожалла а цхьаъ хетара ламанхошна. И ультиматум тIеэца ца лиъна халкъаш, кIез-кIезиг лоьхкуш, цкъа арен тIера ломан когашка дигира, цигара дIа лаьмнашка таIийра, лаьмнашкара дIа – хIордан бердашка кхийсира. Маситта шарахь бахбеллачу тIеман эрчонаш
Ламанхой дIауьдура шайн даймахкара. ЦIенош, даьхний, чудерзийний-дерзозий йалташ дуьтуш. ЦхьакIеззиг бахархойн аьтто нислора шайн миска сал-пал йохка. Иза а – маьхза, ала мегар долуш. Масех бIе эзар стаг шайн бахамаш, даьхний, сал-пал цхьана хенахь йохка боьлча, церан мах лахбелира буьйцу а ца хезначу бараме. Къаьсттина дорах дара даьхний а, герз а. Туркойн правительствос бакъо ца йеллера ламанхошна дохнаца а, герзаца а шайн импери чу бахка.
Кхелхачу ламанхошка хIоьттина ирча хьал гинчийн дийцаршка ша а дукха ладегIнера Лорис-Меликовс. ХIордал дехьабовла кеманаш ца нислуш, масех батте, шаре а бовлура уьш. Iаьнна кIел бахча, цаьрга хIоьттинчу хьолан сурт дилла а, дийца а хала дара. Дерзина, ала мегар долуш, бераш, зударий, карахь доцу йалтийн рицкъа, йукъадаьржина морзгалийн, Iаьржа а, чоьнан а ун, хоршанаш. ХIордан йистаца дIасакхийсина Iохкура, жIаьлеша диъна, дохийна, гIорийна, адамийн декъий. Оцу декъашна йуккъехь гора, чохь синош хилар бен, царах уьш къасто кхин билгало йоцуш, эгна Iохкуш, хевшина а, халла ирахь лелаш а адамаш. Царах дуккха а, дегIера са дала а кхиале, жIаьлийн хIонс хуьлура.
Ламанхой хIордан дехьа бердашка кхалхочу туркойн шкиперша, шайн сутаралла, барамал сов а кеманашна тIе буттура уьш. Мах коьртан цIарах ма боккхура. Ткъа кеманна мохь базбелча, жимма а уьне цамгар кхеттарш, когаш, кортош а лоьцуш, хIорда чу кхуьйсура. ТулгIеша аратийсинчу декъаша дуьйдинера хIордан шина а агIорхьара дерриг бердаш.
Кхелхачарна гIоьнна кхо бIе эзар сом ахча къастийнера паччахьан правительствос. Цунах цхьадерг уьш дехьабаха йолах лаьцначу кеманийн дайшна деллера, ткъа цхьакIеззиг кхелхачеран кара кхочура. Цхьа дакъа оьрсийн чиновникаша шайн дола хьовзадора.
Цхьадолчу кеманашна буха Iуьргаш а дохий, ламанхой тIебутту, ткъа уьш хIордан йуккъе девлча, хи буха доьлху, кхелхачарна лерина ахча кхузарчу оьрсийн Iедалан чиновникийн кисанахь дуьсу бохуш, эладитанаш а дара.
ХIокху Iаьржачу хIордан малхбале бердашкара уьш дIа а бовлале, йолийнера ламанхойх йохка-эцар. Кеманан долахошна дала ахча доцчара цуьнан метта зударий а, бераш а лора. Ахчанца кхуза оьхучу англичанаший, туркоший уггар хазачу мехкарех йузура кеманийн трюмаш. Шаьш кеманашна тIебохуш, маьхьаршца оьрсийн эпсаршка кхойкхура уьш, шаьш ма дигийта, даймахкахь дита бохуш.
– Понт Эвксинский хIордан тулгIешна тIехь инзаре дукха ламанхой хIаллакьхили, – дуьйцура цхьана эпсаро Михаил Тариэловична. – Инзаре эрчо йара иза, амма кхин а ирча дара дехьа бердашка дIакхаьчначийн хьал а. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш хIаллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь…
Ламанхойн бохамах шайн ницкъ ма-кхоччу пайдаэца гIертара массо а. Паччахьан правительство – xIapa маршо йеза къаьмнаш хIокху махкара дIа а даьхна, шен тIеман стратегин Iалашонца кхузахь колонизаци йан. Оттоманан Порта – и майра ламанхой дIа а бигна, империна чоьхьара къоман маршонехьа болам церан куьйгашца хьеша а, кхузахь шен мостагIчунна – Россина – дуьхьал царах пайдаэца а. Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. БIе шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, Iехош, хIокху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.