Чтение онлайн

на главную

Жанры

Шрифт:

Кундуховн дуьхьало йоцуш хецаваларо цецваьккхинчу Лорис-Меликовс акъваьлла ладоьгIура цуьнга.

«Дерриг а схьа ца олу ахь, амма вуьшта гуш ду-кх хьан дагахьдерг, – леррина хьаьжира цуьнга командующи. – Лаа дац, «мел йузайарх, борз варша хьоьжу» боху оьрсийн кица».

– ХIета, хьо реза вац-кх кхузахь вайн правительствос дIахьочу политикина йа, вуьшта аьлча, цуьнан императоран воккхаллин лаамна? – хаьттира цо, шен ирачу хьажарца Кундуховн бIаьра а вогIавелла.

Кундуховс бIаьрнегIар а ца туьйхира.

– Айса государь-императорна тешаме хила биъна дуй, йоIбIаьрг санна, ларбо ас, Михаил Тариэлович. Лар а бийр бу. Амма суна оцу лакхарчара тхаьш адамаш лорийла а лаьа. Оха мел доггах гIуллакхдарх, тхо мел хьекъале делахь а, оцу вельможашна гергахь сой, со саннаршший шайн вежарийн цIий Iено «караIамийна

акхарой» ду. ХIаъа-ткъа, ахчанах а, чинех а дохкалуш, иэцалуш долу.

Меллаша тIе а вахана, Кундуховн белшах дайн куьг туьйхира Лорис-Меликовс.

– Сан хьомсара Муса Алхазович, тIех цIий сиха стаг ву хьо. Барт бийр бу вайша: суна хIумма а ца хезна. Амма иштта дешнаш кхечуьнга олучух ларлолахь. Кхин а дика хир ду, и зуламе ойланаш ахь коьртера дIайаьхча. Сан даггара хьехар ду хьуна иза. Ткъа оцу хьокъехь суна хетарг хаа лаахь, со буххенца реза вац хьоьца. Цхьацца кIезигчу нехан зуламечу, къизачу йа сонтачу гIуллакхашца дуьстина, хадо ца беза халкъан, мехкан мах. Росси цивилизацин мохк бу. Лаахь а, ца лаахь а, xIapa ламанхой адамаллин историна дукхе-дукха гена тIаьхьабисина. Ах-акхачу гIиллакхашца, амалшца беха хIорш оцу боданера маьлхан серлонга баха хьурмате кхаж Россин баларх воккхаве со, дозалла а до ас. Амма иза, хьуний, суний ма-лаъара, сиха хир дац, хьомсара Муса Алхазович. Цунна дуккха а хан, къинхьегам а оьшу. Халонаш лан а деза. Хьайн харцахьара ойланаш а йитий, генна хьалха дIахьажал хьо.

2

Чувеанчу капитано Золотаревс йуккъехь масех кехат долуш папка хьалхайиллира командующина. Кехаташна тIехула йукъ-йукъа бIаьрг а тоьхна, даьржинчу хотIаца буха куьйгаш а йаздина, папка капитанна хьалхатеттира цо. Золотарев араваьлча, толаме Кундуховга хьаьжира Лорис-Меликов.

– ХIаъ, хьомсара государь, генна хьалха дIахьажа хьо. ТIаккха хуур ду хьуна, со бакълоьй.

Кундухов воккхавиэра долийна къамел дахдан аьтто нисбаларх.

– Со собаре цахиларна бехк цабиллар доьху хьоьга, Михаил Тариэлович, – элира цо, шен сихалла йуха а оьзна. – Уггар хьалха, ламанхо ву со. Ткъа цIий Iац шечуьнгахьа озабезам ца беш. И нохчий кхечу къомах белахь а, сан лулахой бу. Ас цаьргахьа уозарх иэхь дац, моьтту суна. Со тешна ву уьш къарбелла кIелсовцург цахиларх. Хьан план нийса йу, шеко йоцуш. Амма – кхечу къомаца долчу гIуллакхна хIоттийна йелахьара. Ницкъаца, къизаллица къарлур бац нохчий. Нагахь, хьуна ма-лаъара, уьш нуьцкъаха цигара дIакхалхо долахь, дукхе-дукха балхаме тIаьхье хир йу. Хьан плано шовзткъалгIачу шерашка йухадуьгур ду вай. Со тешна ву, хIетахь вайна нохчашца мотт бийца хиънехьара, оцу тIаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина цIийIеноран тIом хилла хир бацарх. Изза гIалат йуха а далийта ойла йу хьан? Инарлегара Пуллогара масал ма иэцалахь, хьан локхалла!

Тахана Лорис-Меликов дукхе-дукха цецваьккхинера Кундуховс. Шена хьалха хиъна Iийриг Кундухов ван а вуй-те олий, шеквуьйлуш, леррина цуьнга хьоьжура командующи. ХIинццалц цкъа а цахилларг ду-кх xIapa. Ламанхошкахьа гIoдаха а, нохчех къахета а воьлла. XIapa Кундухов вацара ткъа кхо шо хьалха нохчийн цIий Iанийнарг? XIapa вацара ткъа хIетахь Ичкерехь шен къизаллица гоьваьлларг?

– Оцу нохчашца долчу гIуллакхна хIилла а, само а оьшу. И шиъ ду вайн тешаме союзникаш, – элира Кундуховс, командующи вист ца хуьлуш сецча. – Нохчийчохь керла Шемал ца гIаттийта. Вайгахь хIилла а, само а ца хилахь, гIуллакхаш бохаме доьрзур ду цигахь.

– ШолгIа Шемал кхин хир вац цкъа а, – доцца хадийра Лорис-Меликовс.

– Бакъду-кх иза а. Иштта стаг бIешарахь цхьаъ волу дуьнен чу.

Лорис-Меликов велавелира.

– Хьо нийса ца кхетта ас аьллачух, – корта ластийра Михаил Тариэловича. – Шемалх дозуш дацара хьалха кхузахь хилла гIуллакхаш. Со къера ву Шемал хIокху ламанхойн хьелашкахь майра, хьекъале стаг а, говза администратор а хиларна. Амма, цхьаболчара ма-вуьйццу, говза полководец вацара, аьттехьа а. Вайца тIамехь баьхначу толамашкахь цуьрриг а дакъа дац цуьнан. Летарш а, толамаш бохурш а цуьнан хьуьнаре, говза а, майра а наибаш бара. TIe, хьуна дицделла, сан хьомсарниг, Шемалх дуьнен чохь цIейаххана стаг винарг и нохчий хилар. 1839-чу шарахь Ахульгохь дагестанхойн шайн гIоьнца вай дIа ма-воьллинера иза. Дагестанан лаьмнашкахь шен ворхI накъостца, экха санна, иэккхийна лелош волу иза

Нохчийчу кхечира. Кхузахь нохчаша туш делира цунна. Цуьнан ирсана, вайн дакъазаллина, йа нийсса аьлча, массеран а дакъазаллина, дукха хан йаллале Нохчийчохь йукъара гIаттам хилира. Ахь цIе йаьккхинчу Пуллон гIалаташ бахьана долуш. Мацах цкъа французийн революцино Наполеон санна, кхузахь халкъан дарцан тулгIеша айъира Шемал. ТIаьххьарчу ткъа шарахь Нохчийчоь йара цунна тIемалой лург а, кхачанан сурсатийн база хилла лаьттинарг а. Берриг бохург санна, баккхий тIемаш а церан махка тIехь хилира. Цул сов, Шемалан генералитетан уггар тоьлла а, дукхаха дакъа а нохчийн наибаш бара. Доцца аьлча, нохчийн таррийн йуьхьигашца историн анналашна тIе гуттаренна а шен цIе йазйина цо. Шемал саннарг карор ву хIинца а, амма хIетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а бац хIинца. Оцу бехачу тIамехь хIаллакьхилла церан хьекъале, говза тхьамданаш а, майра тIемалой а. Бисинарш Шемала талхийна.

– Вай а ца Iийна, куьйгаш тIекIелдехкина.

– ХIаъ, хьомсара Муса Алхазович, хIинца йац хьалхалера Нохчийчоь. Керла гIеттина Шемал шаре а вер вац. Царна лаахь а, ца лаахь а, нохчий санна, бодане, тIаьхьадисина кегийра къаьмнаш даккхийчарна, нуьцкъалчарна кIел ца севцча довлац. Баккъал а аьлча, иза царна шайна пайдехьа а ду.

Ша дIасатехко пресс йуьстаха а йиллина, шен къамелхочуьнга хьаьжира Кундухов.

– Хьо бакълоь, Михаил Тариэлович. Рыцарийн, витязийн зама дIайаьлла. Ахь ма-аллара, ткъа шо хьалхалерниг йац Нохчийчоь. Хьалхалерчу шен оьздангаллех доьхна и халкъ. ХIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь шина цIарна йуккъехь латтийра иза. Цхьана aгIop – Шемалан деспотин, вукху aгIop – вайн къизаллин. Шина а агIорчара мало йоццуш дика болх бира, и халкъ таханлерчу хьоле доккхуш.

– Iаламан законаш хийца ницкъ бац-кх вайн, – ши куьг дIасатесира Лорис-Меликовс.

Ши инарла цхьана йукъана дIадаханчу шерийн ойла йан вуьйлира.

3

1839-чу шеран аьхка, шеца кхойтта эзар салти а, ткъе итт йоккха топ а, виъ эзар гергга дагестанхойн милцо а волуш лаьмнашка ваханчу инарла Граббес гуо бира Шемал чукъовлавеллачу Ахульго йуьртана. Буьззинчу шина баттахь турпала дуьхьало йиначул тIаьхьа йуьйхира имаман тIаьххьара чIагIо. Цигахь Iожалла хилира Шемалан йишин, зудчун, жимачу кIентан.

ВорхI накъостца кIелхьарвала аьтто нисбелла Шемал, шен доьзалца цхьаьна йаккхий халонаш а хедош, лаьмнашкахула лечкъаш, ведда, шен доьзалца Нохчийчу веара.

1785-чу шарахь дуьйна схьа оьрсийн эскаршна дуьхьал хаддаза къийсам латтош йара Нохчийчоь. Йуьхьанца цунна коьртехь шайх Мансур вара, тIаккха – массанхьа а цIейахана Таймин Бийболат. Цхьана йоццачу ханна соцура тIом, амма къийсам бацара цкъа а соцуш. Малхбале Нохчийчоьнан бахархоша къобалвина тIелецира цкъа хьалха ГIеза-молла.

Амма инарла барон Розен коьртехь цига йинчу экспедицеша, кхузткъа йурт а йохош, къиза хьаьшира Нохчмахка.

Шемалан имамаллин хьалхарчу пхеа шарахь оьрсийн инарлаш кIезиг гIертара Нохчийчу, амма цуьнан малхбале декъа тIе, Нохчмахка, сих-сиха экспедицеш йора. Цунна шен бахьанаш дара командованин. Дагестанца дерг чекх ца даьлча, хIокху Кавказехь уггар воккха а, нуьцкъала а дуьхьалонча – нохчий – меттах ца хьебеш буьтура цо. Амма, Ахульго йоьжча, берриг а ницкъ Нохчийчу теттира.

ШовзткъалгIачу шеран йуьххьехь Нохчийчохь тIеман-колониалальни урхалла хIотто долийра правительствос, xIop a итт доьзалера цхьацца топ a, xIop a итт стагах цхьаъ амалтана а вийхира. Цуьнца цхьаьна, кхузахь тIеман чIагIонаш йан, ткъа йарташ цига, йаккхийчу тоьпийн биргIанашна кIел, кхалхо йолийра.

ТIаккха Нохчийчохь йукъара гIаттам болабелира.

ГIеттинчу халкъана баьчча вийзира. Нохчийчохь кIезиг бацара майра, хьекъале, хьуьнаре а къонахий, тIеман баьччанаш а. Амма гIеттинчу халкъана ца лиира цхьа стаг къастийна лакхаваккха. Нохчашна гора шайн феодалийн Iедалан Iазапна кIел дохку лулара къаьмнаш. Цаьрца дуьстича, йоккха маршо йолу нохчий кхоьрура цкъа айъина стаг гуттаренна а оцу лакхенгахь висарна, шайна йуккъехь элий кхиарна, цара шаьш, и лулахой санна, Iазапе дохкарна. Нахана дагавеара кхуза ведда веана, Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а лечкъаш лела Шемал. Сацам хилира иза гIаттаман коьрте хIотто. Iедалца дерг чекхдаьлча, тIехьа мийра а тоьхна, Дагестане дIахьажо атта хир ду, бохура.

Поделиться:
Популярные книги

Убивать чтобы жить 3

Бор Жорж
3. УЧЖ
Фантастика:
героическая фантастика
боевая фантастика
рпг
5.00
рейтинг книги
Убивать чтобы жить 3

Герцогиня в ссылке

Нова Юлия
2. Магия стихий
Любовные романы:
любовно-фантастические романы
5.00
рейтинг книги
Герцогиня в ссылке

Шатун. Лесной гамбит

Трофимов Ерофей
2. Шатун
Фантастика:
боевая фантастика
7.43
рейтинг книги
Шатун. Лесной гамбит

Полковник Империи

Ланцов Михаил Алексеевич
3. Безумный Макс
Фантастика:
альтернативная история
6.58
рейтинг книги
Полковник Империи

Смерть может танцевать 3

Вальтер Макс
3. Безликий
Фантастика:
боевая фантастика
5.40
рейтинг книги
Смерть может танцевать 3

АН (цикл 11 книг)

Тарс Элиан
Аномальный наследник
Фантастика:
фэнтези
героическая фантастика
попаданцы
аниме
5.00
рейтинг книги
АН (цикл 11 книг)

Сердце дракона. Том 18. Часть 2

Клеванский Кирилл Сергеевич
18. Сердце дракона
Фантастика:
героическая фантастика
боевая фантастика
6.40
рейтинг книги
Сердце дракона. Том 18. Часть 2

Боги, пиво и дурак. Том 4

Горина Юлия Николаевна
4. Боги, пиво и дурак
Фантастика:
фэнтези
героическая фантастика
попаданцы
5.00
рейтинг книги
Боги, пиво и дурак. Том 4

Старатель 3

Лей Влад
3. Старатели
Фантастика:
боевая фантастика
космическая фантастика
5.00
рейтинг книги
Старатель 3

Измена. Свадьба дракона

Белова Екатерина
Любовные романы:
любовно-фантастические романы
эро литература
5.00
рейтинг книги
Измена. Свадьба дракона

Попаданка в деле, или Ваш любимый доктор - 2

Марей Соня
2. Попаданка в деле, или Ваш любимый доктор
Любовные романы:
любовно-фантастические романы
7.43
рейтинг книги
Попаданка в деле, или Ваш любимый доктор - 2

Последний Паладин. Том 2

Саваровский Роман
2. Путь Паладина
Фантастика:
фэнтези
попаданцы
аниме
5.00
рейтинг книги
Последний Паладин. Том 2

Ты нас предал

Безрукова Елена
1. Измены. Кантемировы
Любовные романы:
современные любовные романы
5.00
рейтинг книги
Ты нас предал

Газлайтер. Том 2

Володин Григорий
2. История Телепата
Фантастика:
попаданцы
альтернативная история
аниме
5.00
рейтинг книги
Газлайтер. Том 2